Литвек - электронная библиотека >> Магомет Абуевич Сулаев >> Историческая проза >> Лаьмнаша ца дицдо >> страница 2
йолуш книга арайаьлла цуьнан. И цIе автора ларамаза ца тиллина книгина. Цу тIера дукхахйолу произведенеш нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллина лерина йу. Къинхетам, стогалла, доттагIалла, безам, хьошалла, ненан беркат, адамийн лерам, собар… — оцу къоман синмехаллийн ойлайо поэта. Царах лаьтташ йу къоман гIиллакх-оьздангалла, цара кхуллу адамалла, адамалла къоман гIиллакх-оьздангаллийн лаккхара тIегIа лору цо:

Вайн нана-лаьмнашкахь

Вайнаха уггар

Лаккхара лерина

Собар, стогалла,

Делахь а царел а

Лаккхара гуттар

Вайнаха ма лору

Бакъ адамалла!


Иштта бу поэтан лирически турпалхочун хьежамаш.

Сулаев Мохьмадан стихашкахь Даймахкаца йолу йукъаметтиг а йу цхьа шатайпана аьхна. Цуьнан лирически турпалхо, шена Даймохк дукхабеза, ша и боцуш мегар вац бохуш, кхайкхамаш беш вац. Цуьнан дагца, цуьнан ойланца, цуьнан бIьаьрхишца бу Даймохк:

— Вай динчу махкара

Къайллаха деана,

Хьуна ас безамна

XIapa зезаг лур ду.

— Схьа да и: сагатдеш

Вай динчу махкана,

Веллачу ден коше

Ас иза хьур ду…

— Вай динчу махка со

Вухавоьду кхана,

Хьоьгара безамна

ХIун хьуо ас, ала?

— Доьху хьоь, доттагIа:

Сан бIаьрхиш канахь

ДIахьолахь ахь цига,

Цхьа цинц ца Iанош.

Алссам поэтически книгаш арахецна Сулаев Мохьмада. Вай хьахозачарах йу «Даймехкан зIаьнарш» (1961), «Даг чуьра суйнаш» (1968), «Йовш йоцу цIе» (I970), «Бакъдерг» (1973), «Лаьттан бос» (1978), «Сирла суьйре» — хаьржинчу поэзин, прозин книга (1980), «Лаьмнаша ца дицдо» — роман, стихаш, поэмаш (I990). Оьрсийн маттахь Соьлжа — гIалахь а, Москвахь а арайийлина книгаш «Бой за солнце» (1970), «Чинар на скале» (1972), «Иду на зов» (1979), «Цвет планеты» (1982), «Орлиной тропой» (1987).

Сулаев Мохьмадан масех стихотворени йу, «ДоIа» цIе йолуш. Нохчийн дош «доIа» Iаьрбийн «дуIан» бохучу дашах схьадаьлла ду. Дехар, ламаз боху маьIна ду оцу дешан.

Йо, Дела! Цхьа шеко

Сан дагах лета:

Iожаллех цакхерар –

Цакхерар хьох хета!

Iожаллех тIех кхерар –

Цатешар хьох хета!

Нисвехьа нийссачу

Барамехь, Дела:

Ийманехь чIагIваллалц

Iожаллех ларвай,

Iожалла тIекхаччалц

Стогаллехь чIагIвай,

Кхачаве ахь тIаккха

Хьайн дикчу кхиэле.

Сулаев Мохьмад ийман долуш стаг хилла. Цуьнан лирически турпалхочо Деле доьху ша дикачу Iамалехь нисвар. Далла дуьхьал воьдуш, цIенчу ойланца, ийманехь чIагIвелла хила лаьа цунна.

Адамна, дийнатна, массо а са долчу хIуманна хьоме бу шен мохк, шен махкахь бен дац caпapгIaт дахар. И тема йух-йуха а керлачу исбаьхьаллин васташца гучуйуьйлу поэтан кхоллараллехь.

Сулаев Мохьмадан поэзехь йу йаккхий жанрашкахь йолу произведенеш а: «Лаьттан бос», «Винчу лаьттан цинц», «Дайн кешнашкахь», «ГIойтIарчу Чочех илли», кхийерш а.

Мехала йу Сулаев Мохьмадан проза а. Къаьсттина «Лаьмнаша ца дицдо» цIе йолу роман. 1966-чу шарахь Сулаев Мохьмада арахийцира «Тавсолта ломара дIавоьду» цIе йолу роман. Иза кхин а шорйеш, тоеш болх а бина, «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш, йуха арахийцира I990-чу шарахь. Оьрсийн маттахь арайелира иза 1992-чу шарахь «Горы молчат, но помнят» цIарца. Роман шен чуламца а, исбаьхьаллин башхаллашца а Iаламат мехала произведени йу. Нохчийн халкъан дахарехь уггар халчу муьрехь (1940–1960 шерашкахь) хилла адамийн кхолламаш гайтина романна тIехь. Къоман гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ Товсолтин вастаца ду. Советан заманахь кхиъна цуьнан ши йоI Нурседий, Селитий комсомоло бохучунна тIегIерташ, кхечу амалехь йу. Ши йоI деца эвхьаза ца йолу, йуьхь-дуьхьал эхь-бехк лардо, амма царна йукъахь къийсам бу. Йаздархочо шуьйра гайтина оцу хенахьлера къоман дахар: Сийлахь — боккха Даймехкан тIамехь нохчийн йуьртахоша дакъалацар; фронтана, бIаьхошна оьшург вовшахтухуш, дIайахьийтар; нохчийн къам махках а даьккхина, лайна халонаш; йуха «декъаза цIадерзар». «Лаьмнаша ца дицдо» роман нохчийн литературехь дуьххьарлера произведени йара, нохчийн къам махкахдаккхаран тема иштта шуьйра хIоттийна.


Арсанукаев Iабдулла,

Россин йаздархойн союзан декъашхо,

литературовед, библиограф.


ЛАЬМНАША ЦА ДИЦДО

(роман)


IАЬРЖА ЛО ШКОЛЕХЬ


Геннара дуьйна а сенчу майданахь къаьсташ схьагучу, кIайн кир а тоьхна, цIечу герагийн тхевнаца малхехьа а йерзийна лаьттачу школехь йоккхачу перерывана горгали бийкира. Классашкара арахьаьлхинчу дешархоша цу сохьта синкъерамечу зевнех йуьзира и, хIинцца йесса хилла, уьйтIе.

Делкъан малх къаьрзина чухьоьжура, цхьа а марха йоцуш, шенна йисинчу стиглара. Лахарчу классашкара кегий бераш лечкъаргех ловзий, идий дуьйлира, ткъа лакхарчу классашкарнаш, шина декъе а бекъабелла, — сехьа зудабераш, дехьа божабераш, — ловза буьйлира, цу кертахь даим дIанисйина, кийчча латточу бойна тIоьхула буьрка дIасакхуьссуш.

Зудаберийн тобанехь кхечарел къаьсташ гора, айаделлачу догIмашца, цхьаннах, махарчий долу кIайн кучамаш а йуьйхина, куьцехь кхиъна йогIу ши йоI. Буьрка хьалакхуссуш, церан дуткъий догIмаш, хаза дахлой, хи чуьра хьалакхоссабеллачу чIеран санна, малхехь буто къегара, къаьсттина лекхачуьнан.

Школина хьалхахула тIехбуьйлучу къоначу а, къеначу а нехан тидам цу шинна тIехь соцура. ХIинца а, аьрру агIорхьара схьавогIучу шина стеган къамел тасаделира царех:

— Ма тайна йу и шиъ! Хьенан йу-те? — хаьттира жимахволчу, фуражка тиллинчо.

— Дера йу хIинцца вайша цхьаьна Iийна схьавогIучу Тавсолтин. Цуьрриг вочу ден а ма йац! ВаллахIи! — элира гIовталца холхазан куй тиллина волчу воккхачо.

— Баккъал бах ахь? Хаза-м йу ший а! Къаьсттина и… дIо лекхахйерг!.. КIажарш, бIаьргаш Iаьржаниг… Зовкх дара-кх…

— Иза йоккхахйерг йу… Амма, цу жимачуххий… Дала ларвойла!.. БIаьргаш сов сийна ду цуьнан!.. Балдаш, кIажин пхенаш дуткъий, бIаьргаш сийний долчу зудчух Дала ларвойла боху жайнехь а, — воккхачо а олуш, тIехвелира ши къонаха…

Йоккхахйерг йара ворхIалгIачу классера пхийтта шо кхаьчна Берсанова Селита. Цунна йуххехь синкъераме хьийзара, цул шо жима йелахь а, цуьнца цхьаьна классехь йолу цуьнан йиша Нурседа. Иза йоккхайера: хьалхара бал, и чекхболлуш, цо кхузза чутоьхначу буьрканца схьабаьккхинера зудабераша божаршкара.

«Ма дика хир дара хIинца xIapa а схьабаьккхича», — дагадеъна, шен ма-хуьллу хьийзара Нурседа. Дехьа божаршца, шен даималерачу мокхачу хуьтан пиджакан хьалха значок а лепош, лаьтта Селител шо воккха, борхIалгIачу классера, школехь комсорг волу кхеран ваша Дауд, бIаьца йеш, Нурседина резахилла, велакъежира.

Селитин а сакъералора тахана: де хаза дара. Йуьртана гена доцу лаьмнийн кIайн кортош, Iуьйранна дуьйна а, малхо дешин варкъ диллича санна, лепара. Царна а дехьа генна дIауьду стигалан анайух сенчу алуца йогура, xIop минотехь а йездарех бос керчош.

Басешкара